Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора Делан лаамехь волчо доІа дойла Хьоьга, ша нийса вац аьлла хетачу хенахь, даккхий хиш дистина догІучу хенахь, цунна тІе уьш кхочур дац. Со кІел ца висийтархьама, уьшал чуьра хьалаваккхахьа со. Соьга безам боцучех а, кІоргачу хих а кІелхьарваккхахьа со. Чехка доьдучу хине со хьул а ма вайтахьа, кІоргачу хине со дІа а ма кхаллийтахьа, эхарта чу а вахийтина, иза суна тІаьххье дІа а ма къовлийтахьа. Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Іоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дІакхоьхьур дац. ЦІерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цІеран алунаша хьуна зе дийр дац.
Выбор основного перевода