Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан синна тІаьхьабевллачарна эхь а хетийла, со вен лоьхурш, юьхьІаьржачу а хІиттина, юха а боьрзийла. Мохо дІасатесна чан санна, хуьлийла уьш. Везачу Элан Малико дІа а лохкийла уьш. Боданехь а, ког шершаш а церан некъ а хуьлийла. Царна тІаьхьа Везачу Элан Малик а долийла. Бахьана а доцуш, ког лоцу бой къайлаха тесира суна цара. Цхьа а бахьана а доцуш, ор а даьккхира цара суна. ЦІеххьана хІаллакьхилар нислойла хІинца царна шайна. Къайлаха когаш кІел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш. Шаьш, цу ор чу а эгна, хІаллакьхуьлийла уьш. МостагІчунна дуьхьалвала Іесаниг къобалвехьа, цуьнан аьтту агІор бехкевийриг дІахІоттавехьа. Кхел хадаечу хенахь цунна кхел йойла, цуьнан доІанаш а къилахь хетийла. Цуьнан дисина денош кІезиг хуьлийла, болх бечохь цуьнан меттиг кхечо дІалоцийла. Цуьнан бераш байлахь дуьсийла, цуьнан зуда а йисина лоьлийла. Цуьнан берех кхерсташ лела сагІадоьхурш хуьлийла, шайн йохийначу хІусамашна арахь а болуш, уьш кхача лоьхуш лоьлийла. Цуьнан долахь мел долу хІума иза декхарийлахь волчо дІалоцийла, цуьнан бахам хийрачеран кара а гІойла. Цхьа а цуьнца дика ма хуьлийла, цуьнан байлахь дисинчу берех цхьаммо а къинхетам ма бойла. Цуьнан тІаьхье а хІаллакьхуьлийла, шолгІачу тІаьхьенахь хІу хедийла цуьнан. Цуьнан ден къинош Везачу Элана дагахь лоттийла, цуьнан ненан къа цкъа а дІа ма доккхийла. Церан къинош массо а хенахь Везачу Элана хьалха лаьттийла, царах-шайх болу дагалецамаш Цо дуьнен чуьра дІабохийла. Дауд-паччахьо боху: «Цара шаьш-шайна хІиттийначу тойнашкахь гуро а, речІано а лоцийла уьш. Гал а бевлла, охьаэгийла уьш, бекхам а бойла царна. Бода богІийла церан бІаьргашна хІумма а ца гархьама, баккъаш а хуьлийла церан ситтина гуттаренна а».
Выбор основного перевода