доттагІа я ваша и волуш санна, гІайгІане хуьлура со. Сайн ненан тезетахь санна, корта а оллийна, халахетта хуьлура со.
Сайн тарх йолчу Деле аса олу: «Ахьа со виц хІунда вина те? ХІунда лела те со гІайгІанехь, сан мостагІчо суна гІело ярх?»
Оцу балхо Іадийначу сан дегІан меженаш егош ю, беро хьийзочу зудчун санна, лазарш ду сан. Сайна хезаш долчо синтем байина сан, гуш долчо вохийна со.