Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мотт ца хуург санна а, аз доцург санна а хуьлура со, ур-атталла диканна а вист ца хуьлура со. Ткъа сан баланаш совбевлира. Мотт а сецна, сан багара дош ца долу, суна мел динарг Ахьа дина долу дела. Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Ткъа динан коьртачу дайший, къаноший Шена бехк биллича, Цо цаьрга хІумма а ца элира. Жайни тІехь цо доьшу дешнаш хІорш дара: «Урс хьакха буьгу уьстагІ санна, дІавуьгуш вара Иза, ша лоргучунна хьалха, Іахар санна, шена чуьра Іаь ца йолуьйтуш, тийна Іара Иза. Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дІалора.
Выбор основного перевода