Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан тайпанах берш суна уллора дІабевлла, со вевзаш хиллачара со вицвина. Хьешашна а, ялхошна а со хийра хета, царна гергахь со хийра стаг ву. Сайн ялхочуьнга кхойкху со, амма цо суна жоп ца ло, цуьнга дехарш дан дезаш хуьлу со. Сан зуда сан Іаьнах къехка, сан берашна а со боьха хета. Божаберашна а со сийсаза хета, со шайна гучуволлушехь, сох кхарда буьйлало. Сан доттагІашна а со боьха хета, суна безнарш а суна дуьхьалбевлла. Царна со дегаза а хета, уьш сох къехка а къехка, со шайна гушшехь, туйнаш а кхуьссу цара. Аьтто агІор суна тІелета и арданг, сан когаш тІера со бертал ветта цара, со верхьама шайна некъ а боккхуш. Ахьа суна уллора сан гергарнаш а, доттагІий а дІабаьхна. Сан накъост санна болу бода бен, стаг а ца висна. Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра. ТІаьхьо цу новкъа схьавогІуш хилла цхьа динан да. Новкъахь Іуьллу и стаг а гина, некъан дехьа агІор а ваьлла, тІехваьлла дІавахана иза. Изза дина цхьана левихочо, цу стагана тІе а вахана, цуьнга дІа а хьаьжна, юьстах а ваьлла, дІавахана иза. Амма Іийса вевзарш, Галилайра дуьйна Цунна тІаьхьа баьхкина зударий а тІехь, геннара хьоьжуш лаьттара.
Выбор основного перевода