Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КІелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза. Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кІелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла – сан дахаран дІалечкъийла ю. Со хьан Іадор ву? Веза Эла, со кІелхьарваккхар Хьайна тамехь хилийтахьа. Веза Эла, суна гІоьнна тІеван сихлохьа. Со-м къен а, миска а ву. Хьалдолу Эла, сан гІайгІа бехьа! Хьо ву суна гІо дийриг а, со паргІатвоккхург а. Ва сан Дела, хье ма лохьа! Дела ву тхо кІелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Іаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хІуманах, хІунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кІелхьардаьхна дела.
Выбор основного перевода