Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин а мел ханна хир ду те Ахьа сан тергам ца бар, Веза Эла? Кхин а мел Іийр ву те Хьо соьгахьара дІавирзина, Веза Эла? Сайн харцонашна къера ву со, айса латийна къа гуттар а суна хьалха ду. Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гІалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагІаша боху: «Иза Іехо мегар ву. ТІаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу».
Выбор основного перевода