Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма айса латийначу къинна къера а хилира со, сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох. Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дІадоьллур ду ас». ТІаккха Ахь дІабаьккхира суна тІера сан къинан бехк. Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тІе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дІа а хаийтина, уьш дІатасахь, цунах къинхетам бийр бу. Сан хІинца долу хазахетар шуна айса халахетар дина аьлла дац, амма оцу халахетарехула, метта а даьхкина, Далла тІедерзар шун хиларна ду. Шун халахетар Делан лаамехь хилла дара, цундела тхох цхьана а тайпана зулам ца даьлла шуна. Делан дуьхьа хиллачу гІайгІано кІелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тІеверзар до – и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гІайгІано Іожалла тІейоуьйту.
Выбор основного перевода