Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
НеІалташ а кхайкхош, ШамаІис бохура: «ДІавала, дІагІо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тІаьхьенан цІий Іанор бахьана долуш а, цул тІаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дІаделла хьан кІант волчу Абушаламан кара. Ткъа хІинца хьо баланехь ву, хьо цІий Іанош верг хилар бахьана долуш». ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». «ХІокху меттера дІа а валий, Йордан-хина малхбалехьа долчу Карит-Іин чохь дІалачкъа. Сан синна тІаьхьабевллачарна эхь а хетийла, со вен лоьхурш, юьхьІаьржачу а хІиттина, юха а боьрзийла. ХІунда аьлча маьрша къамелаш ца до цара, ткъа машар безачу нахана уьш мекарчу дешнашца лоь. Сан мостагІаша дина зулам царна тІе юхадерзадехьа, Хьо тешаме хиларна, хІаллакбехьа уьш. Цундела ас элира: «Кхокханан санна долу тІемаш суна хьан лур дара? Со, тІема а ваьлла, паргІатвер вара. Сан мостагІий суна луьйш бу, со вен ларвеш берш барт беш бу. Курачара суна гураш а, речІанаш а хІиттийна, новкъа тІе бой а тесна цара, со лаца хІуманаш охьаехкина. Муьлххачу а дашна тІехь ваьлла а, Іийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХІарод-паччахьна тІаьхьа хІиттина нах а бохуьйту цара Цунна тІе.
Выбор основного перевода