Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву. Іеса стаг шен къинойн гуро дІалоцу, цара иза, буржалш тоьхча санна, латтаво. Дан дезий те диканна дуьхьал вониг? Делахь а цара ор даьккхина, со вейтархьама. Дагадаийтахьа со Хьайна хьалха лаьтташ хилар, церан дуьхьа Хьуна диканиг дуьйцуш, Хьоьга Хьайн дералла царна тІера дІаяккхийтархьама. Паччахьо омра дира, Даниал бехке вина болу и нах а, церан бераш а, церан зударий а, схьа а балабай, ор чу кхийса аьлла. Орана буха а кхачале, лоьмашна карабахара уьш. ТІаккха цара, даьІахкаш а кегъеш, хІаллакбира уьш. «ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац.
Выбор основного перевода