Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо тІера чкъургаш дІайовлийтина дела, мисархойн гІудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!» Везачу Эло Шен кхелаца нийсо йойла вайшинна юкъахь. Цо, Ша тІе а хьаьжна, сан гІуллакх къастор ду, со хьан куьйга кІелхьара схьа а воккхуш». Ва Дела, со бехказаваккхахьа, диндоцучу халкъана дуьхьал болчу сан къовсамехь суна гІо дехьа. Мекарчу а, зуламечу а адамех со кІелхьарваккхахьа! Амма хІара боху Везачу Эло: «Ондачуьнгара йийсархой а схьабохур бу, къизачу куьйгалхочуьнгара ижу а дІахоьцур ю. Хьоьца тІом беш болчаьрца Со тІом беш хир ву, хьан бераш Ас кІелхьардохур ду.
Выбор основного перевода