Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кест-кеста моха еана йолу ча санна бу те уьш, я йилбазмохо дІахьош йолу кегаш санна бу те? Зуламаш дечеран гІуллакхаш иштта ца хуьлу! Уьш мохо дІасахьоькху чан санна ма бу. Сан Дела! Йилбазмохана дуьхьал нисъелла чан санна хуьлийла уьш, мохана дуьхьал нисделла ча санна а хуьлийла уьш. Кегийра чан санна, дукха хир бу хьан мостагІий, къизачийн бІош дІасакхийсина кегаш санна хир бу. ЦІеххьана а, бІаьрган негІар тухучу юкъана а И бахьана долуш уьш Іуьйренан дохк санна а, хьалххехь дІадолу тхи санна а хир бу, хьаьттара мохо дІахьоькху ялтин нехаш санна а, биргІанан чуьра хьалаболу кІур санна а.
Выбор основного перевода