Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? Цуьнга ла а дугІуш, Цунна гІуллакх а деш уьш лелахь, цара шайн дахаран денош беркатехь дохур ду, шайн дахаран шераш самукъане дохур ду. Доьналла долчу сан мостагІийн куьйга кІелара Цо со схьаваьккхира, сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагІех кІелхьара а ваьккхира. qac Иqac*ра тарраш Іесачара баттара схьадоху, шайн секхаІедаш а цара тІехьежадо, къениг а, мисканиг а охьавиллархьама а, нийсачу новкъахь берш чекхбахархьама а. Хазахетар а, самукъадалар а хазийтахьа суна, тІаккха Ахь кегйина даьІахкаш самукъадаьлла хир ю сан. Хьан нийсо, Дела, стигалшка а кхочу, инзаре гІуллакхаш дина Ахь. Дела, мила ву Хьоьга кхочуш? Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гІуллакхаш а дац. ХІунда аьлча мила ву стигалшкахь Везачу Элаца нисвала? Мила ву стигалан бахархошна юкъахь Везачу Элаца нисвала? Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цІе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица!
Выбор основного перевода