Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла, цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо. Суна хьалхā кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла, уьш сийсаз а бойла. Сан са хІаллакьхилар лоьхурш юьхьІаьржачу а хІуьттийла, царна эхь а дуссийла! Суна зулам хила луурш, юьхьІаьржачу а хІиттийна, юха а берзабойла! Сан синан хІаллакьхилар лоьхурш эхь доьссина а, сийсазбаьхна а хуьлийла! Суна зулам хила луурш, юьхьІаьржачу а хІиттийна, юхаберзабойла! Со емал а веш, соьга: «Жолам-яІ!» – бохурш, шаьш юьхьІаьржачу хІиттарна, боьхна хьийзийла. Гуттар а Хьох дегайовхо йолуш а, Хьуна лерина муьлхха а хастам алсамбоккхуш а хир ву со.
Выбор основного перевода