Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ялхоша Бен-Хьадиде элира: «Исраилан цІийнах болу паччахьаш къинхетаме бу олуш хезнера тхуна. Пурба лохьа тхуна, сингаттаман духаршца тхешан догІмаш а хьулдина, чуханаш кочах а йихкина, исраилхойн паччахьна тІедаха. Хьо дийна вуьтур вацара те цо?» Хала дахар долчунах воьлхуш вацара те со? Къечунах къинхетам ца бора те ас? Велха а воьлхуш, ас марханаш кхобу, ткъа и бахьанехь со дола хета. Сингаттаман духар сайна тІе духу аса, ткъа цара сох лаьцна беламна кицанаш даладо. Аша дІаделла долу маршалла тІеэца хьакъ долуш и хІусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хІусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хІусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла. Нагахь санна цу чохь Іаш волу хІусамда машар безаш стаг велахь, аш кховдийна машар цуьнгахь буьсур бу, нагахь вацахь – шун машар шуна тІе юхабоьрзур бу. Самукъане болчаьрца самукъане хилалаш, боьлхуш болчаьрца делхалаш.
Выбор основного перевода