Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. Веза Эла, суна иштта генахь хІунда ву Хьо? Со баланехь волуш къайла хІунда волу Хьо? Даудан назма. Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла, сан Тарх! Суна жоп ца луш ма хилалахь. Хьо вист ца хилча, эхарте кхаьчначех тарлур ву со. Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгІазаллица дуьхьал, и оьгІазалла сан мостагІийн дераллина дуьхьал а йоккхуш. Самавалахьа, Сан Дела, меттахІоттаехьа нийсо. ГІаттахьа, Веза Эла, вижина хІунда Іа Хьо? Самавалахьа, гуттаренна а дІа ма тасахь тхо!
Выбор основного перевода