Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь хьакхийтинчу мохо хи декъа а декъна, пен санна, дІахІоттийра. ХІордан кийрара хи дукъделира. Дуьненан Да волчу Везачу Элан тІорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь, и хи лекъар ду. ТІедогІуш долу хи, пен а хилла, дІахІуттур ду». Лаьттан кийрара хиш аралилхинчу хенахь хІордана хьалхара кевнаш дІа хьан къевлина? Эрзийн хІорд дІаса а беккъа, цу юккъехула чекхбехира Цо уьш, ткъа хиш, пенаш санна, лаьтташ дара. Сох кхоьруш хила ца деза те шу? – боху Везачу Эло. – Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХІордана гонах гІамаран доза дІахІоттийнарг Со ву шуна! ХІорд оцу дозанал тІехбаьлла цкъа а дІасабаржийта мегар дац. ТулгІенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгІенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“.
Выбор основного перевода