Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма хьо Ярушалайме юхаверзахь, хьоьга Ахьи-Тупала царна беш болу хьехам бохалур бу. Абушаламе ала: „Паччахь, со – хьан лай ву. Хьалха со хьан ден лай вара, ткъа хІинца чул тІаьхьа хьан лай хир ву“. Абушалама а, массо а исраилхоша а элира: «Іаьркхихо волчу Хьушайн хьехам диках бу Ахьи-Тупалан хьехамал». Цара иштта элира, хІунда аьлча Везачу Эло сацам бинера Ахьи-Тупалан дика хьехар дохо, Абушаламна тІе бохам баийтархьама. Шаьш дан леринарг тхуна хууш хилар а, Дала шайн барт бохийна хилар а тхан мостагІашна дІахиъча, тхо гІалин пен болчу юхадирзира, хІора шен-шен балха тІе. Цо хІилланчийн дагалацамаш бохабо, уьш кхочуш ца хилийтархьама. Дага хІуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хІунда аьлча тхоьца Дела ву! Мисархой доьналлех боьхна хир бу, церан ойланаш а йохор ю Ас. Уьш шайн цІуйх а, беллачийн синойх а дагабуьйлур бу. Беллачийн синош тІедоьхуш болчарна а, жинашца тайначарна а тІегІур бу уьш.
Выбор основного перевода