Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. Декъала ву Ахь хаьржинарг, Хьайн керташкахь Іайта Хьайна тІеозийнарг! Тхо Іаьбна хир ду Хьан цІийнан диканах, Хьо Іаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо. Ирс долуш ду и дерриг а долу халкъ. Ирс долуш ду Веза Эла Дела волу халкъ.
Выбор основного перевода