Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хІаваъ хуьлийла». Иштта хилла дІахІоьттира: Дала дуькъачу хІавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хІаваана тІехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш. Цу дуькъачу хІаваах Дала «стигал» элира. Суьйре а хилира, Іуьйре а тІееара. ДІаделира шолгІа де а. Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тІехь мел йолу хІума а. «Дуьло, кибарчигаш а йина, уьш цІергахь ягор ю вай», – элира цара вовшашка. Иштта тІулгийн меттана кибарчигаш а, киран меттана силам хилира церан. Иза хийцам боцуш ву – мила ву Иза хийцавалийта? Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. И Дош юьхьанца Делехь дара. Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хІумма а ца кхоьллина. Тешар хиларна, вай кхета дуьне Делан дашца кхоьллина хиларх, иштта гуш дерг цагучух схьадаьлла хиларх. Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а.
Выбор основного перевода