Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза хийцам боцуш ву – мила ву Иза хийцавалийта? Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду. Алссам ду, сан Веза Дела, Ахь мел дина тамашийна гІуллакхаш а, тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а. Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара! Ахь мел динчу гІуллакхех лаьцна Ас дийцахь я кхайкхам бахь, церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара! Кхочушдан лерина хІуманаш стеган даг чохь дукха хуьлу, амма Везачу Эло сацийнарг бен кхочуш хир дац. Со шун Дела ву, Ас шун гІайгІа бийр бу, шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а. Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду. Ас шуна гІо а дийр ду, шу кІелхьар а дохур ду. Юьхьанцара дуьйна чаккхенехь хин дерг дийцина Ас. Ширачу заманашкахь Ас аьлла хІинца а хилазчух лаьцна. Ас аьлла: Сан Іалашо кхочушхир ю, Сайн лаам берг Ас дерриг а дийр ду. Билггала, хІокху гІалахь ХІарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Іийсана кхел ян. Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тІедиллинарг кхочушдира цара.
Выбор основного перевода