Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах тешна Іаш хила! Иза шун гІо а, шун турс а ма ду. Ва АхІаронан тІаьхье, Везачу Элах тешна Іаш хила! Иза шун гІо а, шун турс а ма ду. Цунна хьалха ларамах дуьзна дерш, Везачу Элах тешна Іаш хила! Иза шун гІо а, шун турс а ма ду. Сан са Везачу Эле хьоьжу, ха деш берш Іуьйрене хьоьжучул сов, уьш Іуьйре тІекхачаре хьоьжучул сов. Якъубан тІаьхьенах Шен юьхь къайлаяьккхинчу Везачу Эле хьоьжуш хир ву со, Цунах дегайовхо йолуш хир ву со.
Выбор основного перевода