Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Элан бІаьргаша дерриге а латта дІалоцу, Шех дог тешна Іаш болчарна гІо дархьама. Ахьа ойла ца еш хІума дина хІинца. И бахьана долуш хІинца дуьйна тІемаш бан дезар ду хьан». хІунда аьлча Цунна дуьненан йисте кхаччалц дерриг а гуш ду, стигална бухахь дерг а дерриг а гуш ду. Везачу Элан бІаьргаш адаман некъаш тІехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го. Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву, Цуьнан Іарш стигалшкахь ю. Цуьнан бІаьргаш массо а стаге хьоьжу, дІабиллинчу бІаьргашца Цо адамаш толлу. Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.
Выбор основного перевода