Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхайн Далла хастамаш беш йолу керла эшар йиллира Цо сан бага. Дукхахберш, иза а гина, ларамах буьзна а хир бу, Везачу Элах тешна а хир бу. Керла йиш лакха Везачу Элана, дерриг а дуьнено лакха Цунна. Самукъане кхайкха Везачу Эле, дерриг а дуьне, адамаш, даккхий а деш, Цунна хастаман эшарш лекха! Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хІорда тІехула леларш, хІорда чуьра дерриг а дийнаташ, хІордан йистера мехкаш а, царна тІехь Іаш берш а. Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа. Везачу Элан омранаш бакъахьара ду, цара дог айадо. Везачу Элан весет сирла ду, цо бІаьргаш серладоху. qac Нqac*ехан массо а тІаьхьенашкахула Хьо тешаме ву. Ахьа дІахІоттийна латта, цундела иза лаьтташ ду.
Выбор основного перевода