Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Схьаделлийша суна Делан лаамехь берш чубовлу кевнаш! Делан цІийнан керта а ваьлла, ас Везачу Элана хастамаш бийр бу! ХІара ков Везачу Элан ков ду. Цу чу Делан лаамехь берш гІур бу. Везачу Эло боху: «ЧІогІа хастамаш бе, Цийонан йоІ! хазахетарца цІогІа тоха, Ярушалайман йоІ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогІуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу! «ДІаала Цийонан йоІе: „Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тІевогІуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу!“»
Выбор основного перевода