Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна». Хьажал, тахана ас шуьга харжам бойту: Дала шу декъалдар я шуна неІалт кхайкхор. Нагахь санна тахана ас деш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогІахь, шу декъалдина хир ду. Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьо оьгІазвахханчохь Хьайн лай дІа ма таттахьа. Хьо сан гІоьнча вара. ДІа а ма таттахьа, дІа а ма тасахьа со, ва сан Дела, сан КІелхьарвоккхург! Со кІелхьарвоккху Дела, цхьаннан цІий Іанорах ларвелахь со, тІаккха ас Хьан нийсо хастор ю. Веза Эла, сан кІелхьарваларан Дела! Хьоьга кхойкху со дийнахь а, Хьуна хьалха ву со буса а. Ас Сайн нийсо улло схьаеана – иза генахь яц. Ас лун долу кІелхьардовлар хьелур дац. Цийонна кІелхьардовлар лур ду Ас, Исраилан халкъана Сайн сийлалла лур ю». Ас деш долу омранаш ахь тидаме оьцуш делахьара! ТІаккха хьан синтем дІадоьду хи санна хир бара, хьан нийсо хІордан тулгІенаш санна хир яра. Шайн дегнаш чу нийсонан хІу таса, тІаккха безаман ялта кхуьур ду шуна. Керла латтанаш а дІааха, хІунда аьлча Веза Эла лаха веза хан тІееана. Ша веанчу дийнахь шуна тІе нийсо, догІа санна, Цо тІеІанор ю.
Выбор основного перевода