Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан назма. Веза Эла! Хьан хІусамехь Іан хьенан ю бакъо? Хьан безачу лома тІехь ваха хьенан ю бакъо? Иза дан бакъо ю, цІеначу новкъахула а лелаш, бакъахьараниг а деш, даггара билггал бакъдерг олуш волчун. Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ, шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш, шен уллораниг емал а ца веш волчун. Иза дан бакъо ю, Везачу Эло дІатеснарг бІаьрга ван а ца везаш, амма Везачу Элах кхоьруш болчеран сийдеш волчун. Шена цунах зен хилахь а, ша цунна хьалха чІагІо йинехь, шен дашана тІера волуш воцучун. Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама, иза духалург луш воцучун а, бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а. Цу тайпана лелаш верг даима а лаьттар ву. «Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тІехь, Сайн безачу лам тІехь». Декъала ву Ахь хаьржинарг, Хьайн керташкахь Іайта Хьайна тІеозийнарг! Тхо Іаьбна хир ду Хьан цІийнан диканах, Хьо Іаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо. Нийсонца а лелаш, бакъдерг дуьйцург а, харцо а лелийна, стагера хІума ца йоккхург а, кхаъ эцарх шен куьг лардийриг а, адам ден барт беш ца хазийта лергаш дІакъовлуш верг а, зулам деш ца гайта бІаьргаш дІакъовлуш верг а ву –
Выбор основного перевода