Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла сийлахь тІемало ву, Цуьнан цІе ЯхІува ю. Цигахь кегдина Цо стелахаьштиг санна долу пхерчий а, турсаш а, тарраш а, иштта берриг а тІеман гІирс а бохийна. Серлонехь а лепаш, Хьайн паччахьалла гойтуш ву, тІехь ижу Ахь яьккхинчу лаьмнашкара Хьо вуссуш ву. Майра мостагІий хІонс яьккхина богІу, Іожаллин наб кхетта уьш Іохкуш бу. Массо а оцу тІемалошка шайн куьйгаш тІом бан хьала ца айало. Хьан оьгІазе аз дІахезча, ва Якъубан Дела, говраш а, церан дошлой а, Іадийна, белла. Ницкъ болуш бу Хьан пхьарс, Хьан куьг ма онда ду, Хьан аьтту куьг толаме ду!
Выбор основного перевода