Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас цуьнга элира: «Ас, гІалех ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш а айина, доІа ма-диннехь, стигал а къекъар яц, къора а соцур ю. ТІаккха хуур ду хьуна латта Везачу Элан дуйла. Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Цуьнан багара араюьйлуш цІе ю, суйнаш дІаса а детташ. Нагахь Со мацвелча а, хьоьга эр дацара Ас, хІунда аьлча Сан ду дерриг дуьне а, цунна чохь мел долу хІума а. Стигалш а, латта а Хьан ду. Дерриг а дуьне а, цунна чохь мел дерг а Ахьа дІахІоттийна ду. Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Латта а, цу тІехь мел дерг а Везачу Элан ду».
Выбор основного перевода