Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан массо а маьІІера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тІедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьІна, Цунна Іибадат дийр ду. ХІорда тІера хІорда тІе кхаччалц, Эпрат-хина тІера лаьттан йисте кхаччалц цо паччахьалла дийр ду. Буьйсанна сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогІу адамийн кІантах тера цхьаъ гира суна. ТІекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тІевигира. Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц».
Выбор основного перевода