Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна гуттар а го Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агІор ву, со воха ца вохийта. Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегІ а кхерамехь дац. ХІунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац. Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь, Хьан аьтту агІор со леларна, абаденналц а там суна хуьлуьйту. ХІунда аьлча цара Хьуна дуьхьал зулам а даьккхира, вон Іалашонаш а хІиттийра, амма уьш кхочуш ца янъелира цаьрга. Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дІадели. Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца: „Хийрачу мехкашкара нах карзах хІунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хІунда лаьцна? Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара“.
Выбор основного перевода