Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла сан чІагІо ю, со ларвеш долу турс ду Иза. Цунах тешна дара сан дог, тІаккха Цо гІо дира суна. Сан дог доккхадеш ду, сайн иллешца ас хаставо Иза. qac Лqac*еррина шу хьаьвсича, Везачу Элан диканан чам кхетар бу шуна! Ма декъала а ву-кх Цунах тешна Іаш волу стаг! Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тІетевжаш верг декъала хир ву. Веза Эла шуьга хьоьжуш ву, шух къинхетам бан лууш, Иза хьалаваьккхина лаьтташ ву, шуна диканиг дан лууш, хІунда аьлча Веза Эла нийсонан Дела ву. Декъал бу Цуьнга хьоьжуш берш. КІантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КІантана муьтІахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгІазло а йолуш ю цунна тІехь. массаьрга а, Да лоручу тайпана, КІант а ларийтархьама. ХІунда аьлча КІант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тІулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». ХІунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тІулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а.
Выбор основного перевода