Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шен паччахье баккхий толамаш бохуьйту. Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна, Даудана а, цуьнан тІаьхьенна а». Нийсо а езаш, харцо ца еза хьуна, цундела Дала къобалвина хьо, хьан Дала хьан накъосташна чул а хьуна алссам хазахетар делла. Паччахьаш, цхьаьна а кхетта, гІалина тІелата тІебахара. И дерриг ган а гина, Іадий уьш, боха а боьхна, дІабевди уьш. Кхерамо, бохийна, хьовзий уьш, берах хьийзош йолу зуда санна, Дагадаийтахьа Хьайна мостагІа Хьайх кхардар, Веза Эла, сонтачу цу халкъо Хьан цІе сийсазъяхар. Диц ма дехьа Хьан мостагІаша хьекхна маьхьарий а, Хьуна дуьхьалбевллачара хаддаза еш йолу гІовгІа а. Парушхой, вовшах а кхетта, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира. ТІаккха динан коьрта дай а, къаной а Кайба цІе йолчу динан коьртачу ден кертахь схьагулбелира. Цара барт бира Іийса хІилланца схьалаца а, вен а. Іийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхІуд. Цунна тІаьхьахІоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла. Іийса схьалаьцначара Иза динан коьрта да Кайба волчу дІавигира. Кхузахь гулбелла бара Іелам нах а, къаной а. Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара. Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тІевеара. Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цІа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дІахІотталур дара“». ТІаккха динан коьртачу дас, хьала а гІаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?» Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?» Іийсас цуьнга элира: «Ахьа айхьа эли иза. Делахь а, Аса эр ду шуьга массаьрга: хІинца дуьйна схьа Адамийн КІант шуна гур ву Нуьцкъалчу Далла аьтту агІор хиъна Іаш а, стигаларчу мархашкахула охьавуссуш а». ТІаккха динан коьртачу дас, шена тІера бедарш а этІош, мохь хьаькхира: «Иза Далла лоьра! Кхин хІун тоьшалла оьшу? Шуна хезирий Иза Далла луьйш? ХІун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!» ШолгІачу Іуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Іийса вейта барт бира. Иза, дІа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дІавигира цара. Іийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дІахІоьттира. Цо Іийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?» Іийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза». Ткъа динан коьртачу дайший, къаноший Шена бехк биллича, Цо цаьрга хІумма а ца элира. ТІаккха Пулата Цуьнга элира: «Хьуна ца хеза, Хьайна дуьхьал мел дукха бехкаш даладо?» Амма Іийсас цхьана а тайпана Шега деш долчу хаттаршна жоп ца делира. И сурт шена гича, мехкан куьйгалхо чІогІа цецваьллера. Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХІародан адамашца барт бан буьйлабелира, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара те бохуш. Іелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дІахезира иза. Цара ойла йора, Іийса хІаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хІунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех. Парушхой а, Іелам нах а, оьгІазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Іийсана хІун дийр дара бохуш. Іандара, цу сохьта шен ваша ШамІа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.) Ткъа хІинца Со вен дагахь лоьху аш, Со шуьга билггал бакъдерг аьлла Стаг воллушехь. И бакъдерг Суна Делера хезна. Ткъа аш дийриг ИбрахІима ца дора.
Выбор основного перевода