Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан куьйгана карор бу берриг Хьан мостагІий, Хьан кара гІур ма бу массо Хьо цавезарш. Хьо оьгІазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш. Ша оьгІазваханчохь Везачу Эло хІаллакбийр бу уьш, цІеро буур бу уьш. Дауда язйина назма. Іалашвехьа со, Ва Дела, Ахьа со ларвар аса лоьху дела. Ала Цунна керла илли: говза лакха Цунна, воккхаверан аз айдеш. Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агІор сийлахьчу Паччахьан гІала ю. Везачу Эло паччахьалла до. Цунна тІехь сийлаллин духар ду. Веза Эла духар дуьйхина ву, Цо ницкъан доьхка дихкина. Дуьне онда лаьтташ а ду, иза меттахдер а дац. ТІаккха Пулата элира Іийсага: «Хетарехь, Хьо хІетте а Паччахь ву-кх?» Іийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугІу Сан озе». Цундела хьалаайа шайн охьадахана куьйгаш, чІагІъе шайн малъелла голаш.
Выбор основного перевода