Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тІера хьайбанна тІекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тІехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кІант валийтира, паччахьан гІантахь Іаш волчу пирІунан хьалхарчу доьзалхочунна тІера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тІекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира. Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хІаллакбира. Баркалла ала мисархойн хьалха дуьнен чу девлларш ХІаллакдинчунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
Выбор основного перевода