Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа церан деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза. Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогІу. Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло. Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац. Церан легашкара аз а ца долу. Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Іаш верг муьлхха а. церан цІу-деланаш цІерга а кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тІулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хІаллакдан тарлора. ЦІунах лаьцна аьлча, пхьеро иза эчигах вутту, ткъа дашо пхьеро цунна тІе деши а дуьллу, дато зІенашца иза кеч а во. Иштта совгІат дан къен волчо ца телхаш долу дитт хоржу. Цо, говза пхьар а лохий, цуьнга охьа ца вужу волу цІу войту. ЦІуш беш берш – берриш а хІумма а йоцу хІуманаш ю. Царна дукхаезаш йолу хІуманаш пайда боцуш ю. Оцу цІуйх тоьшалла дечарна хІумма а ца го, хІумма а ца хаало. Уьш юьхьІаьржачу хІиттор бу. Шена цхьа а пайда ца бахьан волу дела хьан вийр ву лалийна воьттинчу цІунах? Иза деш верг а, цуьнан уллоранаш а юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Пхьераш шаьш а адамаш бен ма дац. Массо а схьа а гулбалийтий, цхьаьна дІахІиттийта уьш. Нахала а баьхна, уьш кхоьруш хир бу. Аьчкапхьеро шен гІирсаца кІоранан алу тІехь болх бо. Цо жІаьвнашца аьчках цІунан кеп йо. Цо, шен куьйгийн ницкъ ма-кхоччу, болх бо. Иза мац а ло, гІоранах а оьшу, хьаг а ло, кІад а ло. Дечигпхьеро дечиг тІехь юстаран тІийраг кховдайо. Суьртана гонах къоламца сизаш хьокху цо. Уьрсаца дІа а хедийна, шен гІирсаца леррина кеп гойту. Дечигах стеган кеп йо цо, хазачу адаман аматехь сурт до цо, и цІу цхьана цІа чохь Іайтархьама. Цо баганан дитташ хедадо, шена ножан я зоьзан дитт схьакхоьхьу. Хьуьнан юккъера шена дитташ схьа а хоржу. Цу стага къахьаштонан дитт дІадугІу, ткъа догІано иза доккха хуьлуьйту. Цу дечигех стагана ягориг хуьлу. Царах цхьа дакъа, цІе а латийна, вохвала а, бепиг датта а схьаоьцу цо, ткъа вукху декъах цІу а вой, цунна Іибадат до. Дечиган цхьа дакъа цІергахь дагадо, цу тІехь кхача а кечбо, жижиг а дотту, иза вуззалц даа а доу. Цул сов, цІера уллохь вох а луш, стага олу: «Ма дика ду! Со хІинца вохвелла. Суна йовхо хаало». Бухадисинчу дечигах цо дела во, шен цІу. Цунна Іибадат а деш, стага боху: «КІелхьарваккхахьа со, хьо сан дела ма ву». Царна хІумма а ца хаьа, уьш хІумманах а ца кхета. Церан бІаьргаш а, дегнаш а дІакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а. Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цІергахь дага а дина, цу тІехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цІу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гІур варий те?» Овкъарна тІаьхьаваьлла лела иза, Іехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргІат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?» Наха, шайн бохчанаш схьа а достуш, деши охьахоьцу, терзанаш тІехь дети узу цара. Дашо пхьере а кхойкхий, шайна цІу войту цара. Юха, цунна хьалха охьа а теІаш, Іибадат до цара. Шайн белшаш тІе а вуьллий, дІахьо цара цІу. Шен метта дІахІоттаво цара иза, цигахь иза лаьтта. Цигара меттах а ца волуш, лаьтта иза. Цхьаммо шега мохь хьекхахь а, цо дуьхьал жоп а ца ло я вочу балхах цхьа а кІелхьар а ца воккху. Царна юкъахь лелаш долу динан Іадат эрна ду: хьуьнхахь дитт схьа а хададой, пхьеро агарца цунах кеп йоккху, ХІун пайда бу суьрташ дечу стага винчу цІун, я харцо хьоьхуш йолчу лалийна йинчу хІуманан? Суьрташ динарг ша кхоьллинчу цІунах муха тешар ву? И цІу вист а ца хилало! «Декъаза ву дитте „Самадала!“ бохург, ткъа мотт ца хуучу тІулге „ХьалагІатта!“ бохург. Цуьнга Іамалур дуй те цхьа а хІума? ХІаъ, иза дети-деши диллина бу, амма цунна чохь са ма дац». Цара иза, схьа а лаьцна, лаккхарчу кхеташоне валийра: «Ахь хьоьхуш долу керла хІума тхан хаа таро йолуш дуй?» – аьлла.
Выбор основного перевода