Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо механ ницкъ билгалбаьккхинчу хенахь, хийн барам билгалбаьккхинчу хенахь, иштта догІанна бакъо лучу хенахь, ткъесана тача лучу хенахь, Лайн сов йолу хІума дІаюьллучу чуваьллий хьо, гиний хьуна къора чохь йолу меттиг, Ас халачу заманна лерина латтош йолу, мостагІа тІелатар я тІом баллалц. Муха кхача веза шена тІера стелахаьштигаш дІасаяьржаш йолчу меттиге я малхбалехьара мох лаьтта тІехула дІасадаьржаш йолчу меттиге? Хьан доху стигалахь догІанна некъаш, иштта хьан дохку стигал къекъарца детташ долчу ткъесана некъаш, Цо къекъийтича, стигалан хиша гІовгІа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогІанаш а догІуш, Цо хаьштигаш до, Шен чІоьнашна чуьра мох а арабоккху. Къаьмнийн цІуйн догІа даийта ницкъ ма ца кхочу. Ткъа стигалийн бац ницкъ Хьоьгара а доцуш догІа даийта. И деш верг Хьо ма ву, тхан Веза Дела! Хьоьца ю тхан массо а дегайовхо, хІунда аьлча Ахьа деш ду и дерриг а. Везачу Эле догІа даийтар дехалаш бІаьста. Веза Эла ву ткъес тухуьйтург а, нахана шортта догІа лург а. Иза ву хІоранна а аренгахь ялта лург а.
Выбор основного перевода