Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Баркалла ала сийлахь паччахьаш Эшийначунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Баркалла ала онда паччахьаш Байинчунна: – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Эмархойн паччахь Сихьон а, – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Башанан паччахь ІовгІа а – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Баркалла ала церан латтанаш Схьаделлачунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Баркалла ала Шен ялхочунна, Исраилан халкъана, уьш Схьакхачийначунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
Выбор основного перевода