Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду, Шена гІуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу, церан куьг гІелделла Шена гича а, набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча. ТІеверзахьа, Веза Эла! Кхин мел лаьттар ю те Хьан оьгІазалла? Къинхетам бехьа Хьайн лейх. Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира. ХІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шун дайша Со оьгІазвахийтинчу хенахь, Ас шу таІзар дан билгалдаьхча, Ас Сайн кхел дІа ца яккхаре терра, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, –
Выбор основного перевода