Дуьнен чуьра дІабовлийла массо а къинош летийнарш, Іеса адамаш а ма хуьлийла кхин. Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Везачу Элана бу хастам!
Везачу Элана бу хастам! Везачу Элан ва ялхой, Цунна хастам бе! Везачу Элан цІе аша хаста а е!
Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Дуьло, Везачу Элана хастамаш бейша, Везачу Элан массо а ялхой, буьйсанна Везачу Элан цІийнан кертахь Цунна гІуллакхаш деш болу.