Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цІунех тешна Іаш берш, цІушка: „Шу тхан деланаш ду“ бохурш, юхабоьрзур бу, доккха эхь тІе а деана». Царна хІумма а ца хаьа, уьш хІумманах а ца кхета. Церан бІаьргаш а, дегнаш а дІакъевлина ду, царна са ца гайта а, церан кхетам ца хилийта а. Стаг ца кхета, цуьнан хьекъал ца кхочу ала: «Ах дечиг цІергахь дага а дина, цу тІехь бепиг а деттина, жижиг а кхерзина ас. Ткъа дисинчух аса дегаза цІу вийр варий те? Дечиган юьхкана со сужда гІур варий те?» Овкъарна тІаьхьаваьлла лела иза, Іехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргІат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?» Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу. Церан хьекъалалла эрна ду, дечигах йинчу цІушкара иза схьадаларна. Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама.
Выбор основного перевода