Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эмархойн паччахьна Сихьонна тІе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: «Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гІур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тІе а ца довлуш, гІунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гІур дацара тхо». Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дІабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхІац цІе йолчу гІали уллохь исраилхошца тІаме велира Сихьон. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гІала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тІом а бина, Арнонна тІекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. Цул тІаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреІи-гІалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тІамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ІовгІа. Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дІалур бу. Хьешбонехь Іийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна». Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ІовгІа а, цуьнан кІентий а, дерриг цуьнан халкъ а хІаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша. ЮшаІа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тІера паччахьаш хІаллакбира. Ливанун тогІи чохь йолчу БаІал-Гад-гІалина тІера СеІирна уллохь болчу Хьалакх-лома тІекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаІа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дІаделира уьш. Царна юкъадогІуш дара: акъарийн мохк а, малхбузехь долчу лаьмнийн когаш а, Іариба-тогІи а, малхбалехь йолу басенаш а, къилбехь йолу яьсса аре НегІаб а. ЮшаІа а, исраилхоша а уьш схьаяххалц, цу меттигашкахь Іаш бара хьетахой а, эмархой а, канаІанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а. Исраилхоша хІаллакбина паччахьаш бара: Ерихонан паччахь, Бетал-гІалина уллорачу ГІай-гІалин паччахь, Ярушалайман паччахь, Хьевронан паччахь, Ярмутан паччахь, Лахишан паччахь, ІегІлонан паччахь, ГІазаран паччахь, Дибаран паччахь, Гадиран паччахь, Хьормин паччахь, Іародан паччахь, Либнин паччахь, Іадуламан паччахь, Макхедан паччахь, Беталан паччахь, Тапухьин паччахь, Хьепаран паччахь, Апакхан паччахь, Лашаронан паччахь, Мадонан паччахь, Хьацоран паччахь, Шимрон-Мерионан паччахь, Ахишапан паччахь, ТаІнакан паччахь, МагІиддан паччахь, Кхедашан паччахь, Кармална уллохь йолчу ЯкхнаІаман паччахь, Напат-Дор волчохь волу Доран паччахь, Галгаларчу Гойиман паччахь, Тирцин паччахь. Верриг а паччахь ткъе цхьайтта вара.
Выбор основного перевода