Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Алийша: «КІелхьардахахьа тхо, КІелхьардохург волу тхан Дела, схьа а гулдехьа, кІелхьар а дахахьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара, тхоьга Хьан цІе хастаяйта а, Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а. Везачу Элан цІеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагІанаш а дахьаш, Цуьнан цІийнан керта дуьйлийша! Аса Сайн дуьхьа до иза – Сайн цІе емалйойтур яц Ас, Сайн сийлалла цхьанна а дІалур яц». Амма Ас кІелхьардоккхур ду Сайн жа, уьш хІинца дуьйна цхьаммо а лечкъор а дац. Ас цхьана уьстагІний, вукху уьстагІний юкъахь кхел а йийр ю. Шена тІевогІу НатунаІил а гина, Іийсас элира: «ХІара ву-кх шеца мекарло а йоцу бакъволу исраилхо». Цхьаъ бен воцучу а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вай кІелхьардохучу а Далла сий а, паччахьалла а, ницкъ а, олалла а хуьлийла, азалера дуьйна а, хІинца а, абаденналц а. Амин.
Выбор основного перевода