Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тІаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Іазапах кІелхьардаьхна волу. Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Іархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву». Мусас а, левихой болчу динан дайша а Исраилан дерриге а халкъе иштта элира: «Исраилан халкъ, дист а ца хуьлуш, ладогІа соьга! ХІокху дийнахь хьох хьан Везачу Делан халкъ хилла. ЯхІудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира. Лекхачу стигалахь йолу Шен шахьар санна, Цо Шен еза меттиг йира цигахь. Латта санна, Цо иза массо а ханна чІагІйира.
Выбор основного перевода