Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! Амма Ахьа, Веза Эла, турсо санна, со ларво. Хьо ду Сан дозалла, Ахь ойу сан сий! Вай Везачу Элах тешна ду. Иза вайн гІоьнча а, вай лардо турс а ду. Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила. Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде. Дела ву вайна дІалачкъа меттиг. Исраилан халкъо хІинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу». АхІаронан тІаьхьено хІинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу». Цунна хьалха ларамах буьзначара хІинца олийла: «Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу». Везачу Эле хьоьжуш ву со сан са Цуьнга хьоьжуш ду. Цуьнан дашах тешна ву со. Исраилан халкъ! Хаставе Веза Эла. АхІаронан тІаьхье! Хаставе Веза Эла. Левин тІаьхье! Хаставе Веза Эла. Везачу Элана хьалха ларамах дуьзнарш! Хаставе Веза Эла.
Выбор основного перевода