Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхечу къаьмнийн деланаш детих а, деших а бина бу, уьш адамийн куьйгашца бина болу цІуш бу. Церан батош ю, амма цара къамел ца до, церан бІаьргаш бу, амма царна хІумма а ца го. Церан лергаш ду, амма царна ца хеза, хІо дац церан батошкахь. Царах терра хир бу уьш беш берш а, царах тешна Іаш верг муьлхха а. Аша цигахь кхечу деланашна Іибадат дийр ду. И деланаш адамаша шайн куьйгашца бина хир бу дечигах а, тІулгах а, царна хІумма а ца го, хІумма а ца хеза, цаьрга хІумма а яа ца ло, царна цхьа а хьожа а ца йогІу. церан цІу-деланаш цІерга а кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тІулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хІаллакдан тарлора. Царна юкъахь лелаш долу динан Іадат эрна ду: хьуьнхахь дитт схьа а хададой, пхьеро агарца цунах кеп йоккху, Цунна тІе дети а, деши а дуьллий, хьостамашца дІатуху, охьа ца дожийта. И цІуш кха тІе дІахІиттош йолу мунданаш санна ю. Уьш бист а ца хилало, уьш карахь дІасалелайо, шаьш уьш лела ца ло дела. Царах кхера ца оьшу, хІунда аьлча цаьрга вон далур дац, амма цаьргара диканиг а дер дац».
Выбор основного перевода