Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. Хьан къовкъаран аз мохехь дара схьахезаш. Дуьне ткъесо серладохура, латта, меттахдуьйлуш, дегош дара. Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гІойша. Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха! Ахь оба санна, тІеюхуш ерг серло ю, четар санна дІасаяржийна Ахьа стигал а.
Выбор основного перевода