Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чІогІа оьгІазвахана дела. Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту, Хьермон-лам, акха бугІа санна, ирхлоьлхуьйту. Латта а дегадора, стигалш а ешара, Синай-ламанан Далла хьалхā, Исраилан халкъан Далла хьалхā. ХІунда хьоьжу шу хьегарца, ва лекха лаьмнаш, Дала Шен бу аьлла къастийначу ломе? Вехар ву Веза Эла цу лам тІехь даим. Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо. Иза дІахьаьжча, халкъаш тохало. БІешерийн лаьмнаш духу, шира баьрзнаш охьаоьгу. Цуьнан некъаш абаденналц ду.
Выбор основного перевода