Дийнаххьий, буьйсанний сайн бІаьрхих кхача хилира суна, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш, дийнахь сарралц мостагІаша соьга хоьтту.
Сан даьІахкашкахь Іожаллин чов хиллал, сан мостагІашна со дола хета, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш, дийнахь сарралц цара соьга хоьтту.
Кхечу къаьмнех болчу наха хІунда хоьтту: «Мичахь ву церан Дела?» Тхан бІаьргашна хьалха кхечу къаьмнашна хаийтахьа, Хьан ялхойн цІий Іанорна Айхьа бекхам бийриг хилар.
Далла гІуллакх деш болу динан дай тийжийла кевнна а, сагІа доккхучу кхерчана а юккъехь. Олийла цара: «Къинхетам бехьа, Веза Эла, Хьайн халкъах. Ма кхардийтахьа Хьайн тІаьхьенах, кхидолу халкъаш ма делийтахьа цунах. Стенна бохур ду къаьмнашна юкъахь: „Мичахь ву церан Дела?“»