Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана ца деза Іесачу наха дохуш долу сагІанаш, уьш мекарлонца дохуш хилча – муххале а ца деза. Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. ХІунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогІу сегІаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагІанаш, иштта кхидолу шун сагІанаш а Суна тамехь дац». Нагахь санна Суна лерина дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш аша дахахь а, Аса тІеоьцур дац уьш. Со дІахьожур вац аша шайн дерстинчу даьхних Суна лерина даьккхинчу сагІане. Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?»
Выбор основного перевода